Теннесси
АЦШн штат | |||||
Теннесси | |||||
| |||||
«Латталелор а, махлелор а» (инг. Agriculture and Commerce) | |||||
Tennessee Waltz | |||||
«Шен лаамца штат» | |||||
Нашвилл | |||||
Йокха гӀала |
Мемфис | ||||
6 916 897[1] (2020 шо) 16-гӀ. АЦШ | |||||
Луьсталла |
|||||
36-гӀ. меттиг | |||||
массо |
109 151 км² | ||||
хина тӀехуле |
2 399 км² (2,2 %) | ||||
шоралла |
34° 59′ къ. ш. 36° 41′ къ. ш., 195 км | ||||
дохалла | 81° 39′ м. д. 90° 19' м. д., 710 км |
||||
ХӀордан тӀегӀанал локхалла |
|||||
максималан | |||||
йуккъера | |||||
минималан |
|||||
Штат статус тӀелацна |
1796 шеран 1 июнь 16 ларарца | ||||
статус тӀелацале |
Къилба-малхбузан мехкаш | ||||
Губернатор |
Билл Ли (Р) | ||||
Вице-губернатор |
Джеймс Мак-Нелли (Р) | ||||
Ӏедалан орган |
Теннессин Инарлин Ассамблей | ||||
лакхара палата | Теннессин сенат | ||||
лахара палата | Теннессин Векалийн палата | ||||
Сенатораш |
Уильям Хагерти (Р) Марша Блэкберн (Р) | ||||
Малхбален хан: UTC-5/-4 | |||||
Официалан сайт: |
www.tennessee.gov | ||||
Теннесси́[2][3] (инг. Tennessee, америкахоша алар: [ˌtɛnəˈsiː] ( )[4][5], местное: [ˈtɛnəsi][6]) — АЦШ малхбален штат[7], Къилба-Малхбален Центран штаташ олучу штатех цхьаъ. Бахархой 6 916 897 стаг (16 меттиг 2020 шарахь).[1] Коьрта шахьар — Нашвилл, уггаре йоккха гӀала — Мемфис. Пачхьалкхан йукъа йахана йалхийтталгӀа чоьтаца.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Теннессин махка адамаш хевшина лаххара 12 эз. сов шо ду[8]. Европахой кхачале оцу махкахь йаьхна этносийн тобанийн цӀераш хууш йац, амма археологаша къастайо масех коьрта оьздангалла: шира (вайн эрал Х бӀешо хьалха), хьуьнан (в.э. Х бӀешо хьалха — в.э. Х бӀешо) миссисипин (X—XV бӀешераш), уьш хилла индахойн дай крикаш, цара лоцура Теннесси эркан тогӀе, цига чероки тайпанаш кхаччалц.
Дуьххьара кхуза кхаьчна европахой бара испанхойн конкистадораш Эрнандо де Сото тоба (1540 шо). Царна кхузахь гина крикийн бахархой, уьш хӀаллак хиларан бахьна хила тарло, европин цамгаршах цабевлла йаьржина хила. Мукъадевлла латтанаш сихха дӀалецира Виргинера кхелхина чероки тайпанаша. КӀайн колонисташ чу мел богӀу индахойн бахархой дӀатоьттура къилбехьа а, малхбузехьа а.
Дуьххьарлера Теннессин мехкан британера гуттаренна йиллина йуьрт йу форт Лаудон, иза лаьттина хӀинцалера гӀалин Вонорен уллехь штатан малхбален агӀора. 1756 шарахь иза йара ингалсан колонийн уггаре малхбузен йистера форпост. 1760 шарахь форт схьайаьккхира индахоша, ткъа цуьнан гарнизон йерриг хӀаллакйира. 1760-гӀа шерашкахь акъари колонисташ схьайаьккхира, цара уггаре хьалха лоьхура талла керла латтанаш. Оцу итт шарахь малхбалехь йуха а гучубовлу хӀукӀайн бахархой. Америкин революцил тӀаьхьа кхузахь Трансильвани колони йан план йара, амма индахоша чероки, барт бира лоялисташца, хьалха санна жигара дуьхьало йора колонизацина. 1780 шарахь хӀукӀайн бахархой сеца ца бора Ватагуа фортан регионехь бен виргинин дозанехь, цунах индахошца а, британин эскаршца къовсам латто йукъ хилира. 1780-гӀа шерашна йукъахь Ватагуа а, Къилбаседа Каролинин дерриг малхбузен дакъа дӀакъаьстира АЦШх маьрша пачхьалкх хилла, амма малхбузен гӀо доцуш индахойх ларбала ницкъ бацара, диъ шо даьлча йуха а дӀакхийтира Къилбаседа Каролинех. ТӀаккха а, 1790 шарахь штато дӀабелира и мохк федералан правительствон тергоне, цуо урхалла дора Къилба-малхбузен мехкан йукъахь, 1796 шарахь керла штат Теннесси йиллалц.
Иза Къилбаседа Каролинех къастош долу штатан малхбален доза, чекхдолура Аппалачин лаьмнашкахула, ткъа малхбузехь Теннессин мохк кхочура Миссисипи эрк тӀе, оцу хенахь иза испанин колонийн доза дара. Малхбузен мехкийн колонизаци чекхйелира 1830-гӀа шерашкахь чероки тайпа Арканзасе арадоккхуш. Керлачу меттигашка болчу бехачу новкъахь кхелхира 4 эз. гергга индахо[9]. Черокийш оцу депортацех аьлла «бӀаьрхишшан некъ». Иштта арадехира кхин индахойн тайпанаш, цундела бӀаьрхишшан некъ бохург царна догӀу. Иза башха гӀарадаьлла дара индахойн пхиъ цивилизацин тайпанна йукъахь.
1861 шарахь Теннесси штат дӀакхийтира Къилбен конфедерацех[10], цунах хилира тӀеман гӀуллакхан театр. Къилбаседахойн инарла Грантан эскаро а, флото а 1862 шарахь дуьззина тергоне лецира эркаш Кумберленд а, Теннесси а, амма штатан малхбален декъера лаьмнашкахь къилбахоша позицеш латтийра 1865 шо кхаччалц, цигара тӀелетара Чаттануги а, Нашвилл а агӀора. Оцу хенахь президента Линкольна Теннессин губернатор хӀоттийра шен когаметта хин волчу Джонсон Эндрю.
1865 шеран февралехь Теннессин законашкхолларан гуламо къобал бира лолла ца магош болу конституцин хийцамаш[11][12], ткъа оццу шеран 7 апрелехь ратификаци йира АЦШ конституцин хийцамна, иза бахьнехь Теннессих хьалха хиллачу Конфедерацин шайна тойечу хенахь тӀеман губернатор ца хӀоттийна цхьаъ бен йоцу штат хилира. 1864 шарахь губернатор Джонсон хаьржира АЦШ вице-президент, ткъа 1865 шарахь Линкольн вийначул тӀаьхьа президент хилира. Тойина бевллачул тӀаьхьа Теннессехь, кхин къилба штаташкахь санна, тӀеийцира афроамерикхойн бакъонашна дозатуху законаш, ткъа 1889 ш. штатан Инарлин ассамблейс тӀеийцира кхина диъ закон, уьш факт хилла хилира харжаман бакъонан хийцамаш, цуо новкъарло йора кхаж тасарехь бахархойн къиен чкъоьран, царна йукъахь афроамериканхой а[13]. XIX бӀешо чекхдолуш Теннессехь кхин а тӀеийцира хӀун сегрегацин законаш. Дерриг дийцина законаш хьакхалора штатан 24 % бахархойх йа 480 430 стагах[14]. Дукхаха дерш уьш лийлира 1965 шо кхаччалц.
Теннесси лору кантри музыкин йукъ. Кхузахь хӀора шарахь дӀахьо кантрин фестивалаш, цуо гулбо берриг махкара и музыка локхурш.
Векалийн палатехь штатан гӀуллакхаш дӀакхоьхьу 9 конгрессмено, сенатехь — 2 сенаторо.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Теннесси штатан доза ду кхин бархӀ штатаца: Кентукки а, Виргини а къилбаседехьа; Къилбаседа Каролина малхбалехьа; Джорджи, Алабама, Миссисипи къилбехьа; Арканзас а, Миссури а Миссисипи эрк тӀехь малхбузехь.
Административан дакъошца Теннесси йекъна 95 гуонна; цунна чохь йу 345 шахьар.
Теннесси йу АЦШхь уггаре дукха хьехаш йолу меттиг, тахана уьш йагарйина 8350 сов[15][16].
Штат йоькъу Теннесси эрко 3 декъе: Малхбален, Йуккъера, Малхбузен Теннесси.
Малхбален Теннесси лаьмнашкахь йу, нисса цигахь йу штатан уггаре лекха меттиг — Клингменс-Дом лам (2025 м), иза кхин а бу Аппалачин тачехь уггаре лекханиг. Штатан оцу декъехь схьадолу Теннесси эрк. Оцу областехь йу хьаннаш йолу ламанан даккъаша къастийна хьена атагӀеш. Малхбален Теннессехь лаьтта Ноксвилл а, Чаттануга а гӀаланаш.
Йуккъера Теннесси лаьтта Камберленд акъари тӀехь, цуьнан йуккъера локхаллин барам бу 450—500 метр хӀордан тӀегӀанан тӀехула.
Теннессин виски
[бӀаьра нисйан | нисйан]Теннесси — башха америкин хьаьжкӀийн виски дан официалан бакъо йелла АЦШ цхьаъ бен йоцу штат йу, цунна цӀетиллира штатан цӀерах — теннесси-виски. Бурбонах къаьстина (иза дукхаха дерг деш ду Кентукки штатехь) теннессих шекаран легин дечиган кӀоранца башха кечдарца: даьккхина спирт цӀандо кхо метр сов лекха чарманаш чу доьхкина легин гӀаш йукъахула чекхдоккхуш. ТӀаккха виски хуьлу башха кӀеда. Уггаре йевза тенесси-вискин марка — Jack Daniel’s.
Харц цӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]Штатан официалан харц цӀе — «Шен лаамечарех штат». Теннессин и цӀе кхаьчна Ингалс-америкин тӀом (1812—1815) болуш шен лаамца тӀаитӀе нах эхарна, цара доккха дакъа лаьцна къилбаседаамерикин штаташа толам баккхарехь (уггаре хьалха — Керла Орлеанера тӀамехь).
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 2020 Census Apportionment Results . United States Census Bureau (2021 шеран 26 апрель).
- ↑ Соединённые Штаты Америки // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 168—169. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Теннесси // Словарь географических названий зарубежных стран / отв. ред. А. М. Комков. — 3-е изд., перераб. и доп. — М. : Недра, 1986. — С. 363.
- ↑ Definition of 'Tennessee' (инг.). Webster's New World College Dictionary. Houghton Mifflin Harcourt (2010). Архивйина 2018 шеран 3 июлехь
- ↑ Tennessee (инг.). Oxford Advanced American Dictionary. Oxford University Press (2018). Архивйина 2018 шеран 3 июлехь
- ↑ Jones, Daniel. Cambridge English Pronouncing Dictionary (18th ed.). — Cambridge University Press, 1917. — P. 488. — ISBN 978-0-521-15255-6.
- ↑ Указатель географических названий // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 245. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ «Archaeology and the Native Peoples of Tennessee». University of Tennessee, Frank H. McClung Museum. Retrieved on December 5, 2007. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 13 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 9 майхь Архивйина 2008-05-09 — Wayback Machine
- ↑ Satz, Ronald. Tennessee's Indian Peoples(бил-боцу.). — Knoxville: University of Tennessee Press , 1979. — ISBN 0-87049-285-3.
- ↑ Fertig, James Walter. The Secession and Reconstruction of Tennessee(ингалс.). — University of Chicago Press, 1898. — P. 23—30.
- ↑ Chronology of Emancipation during the Civil War . University of Maryland: Department of History. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 13 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 26 августехь Архивйина 2007-10-11 — Wayback Machine
- ↑ This Honorable Body: African American Legislators in 19th Century Tennessee . Tennessee State Library and Archives. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 13 март. Архивйина 2011 шеран 26 августехь
- ↑ Disfranchising Laws, The Tennessee Encyclopedia of History and Culture . tennesseeencyclopedia.net. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 18 июнехь
- ↑ Historical Census Browser, 1900 US Census, University of Virginia . fisher.lib.virginia.edu. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 21 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2004 шеран 19 октябрехь Архивйина 2004-10-19 — Wayback Machine
- ↑ Katy Koontz. Insiders' Guide® to the Great Smoky Mountains. — Rowman & Littlefield, 2009-09-18. — 264 с. — ISBN 9780762756384.
- ↑ Tennessee – AGIT PROPERTIES (инг.). www.agitproperties.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 20 октябрь. Архивйина 2018-10-21 — Wayback Machine
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- tennessee.gov — официалан сайт Теннесси штатан(ингалс.)